ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартойн-Балкхаройчохь вийна полицин эпсар


ГIебартойн-Балкхаройчохь велла полицин подполковник Букин Анатолий. Оршотан Iуьйранна герзаца хиллачу стага коьртах тапча тоьхнера цунна.

Шена чов еш полицин эпсар хиллера шен кевнехь лаьтташ. И тIелатар динчу меттехь талламхошна карийна тапчан патарман чIуьйриг.

Букин Анатолийн 36 шо дара. 1994-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь болх беш вара иза. Цуьнан зуда а, кхо бер а дисина
XS
SM
MD
LG