ТIекхочийла долу линкаш

Шемахошна гIо даре кхайкхина Бан Ки Муна


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарла секретаро Бан Ки Муна кхайкхам бина, Шемахь къизаллаш лелор сацо деза аьлла. Кхаарин дийнахь Кувейтехь хиллачу конференцехь цо билгалдаьккхира Шемахь хIоьттина хьал ирча хилар а, иза кхин а телхаш хилар а.

Цу конференцехь дакъалоцуш хиллачу Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо а, Кувейто а, Цхьаьнакхеттачу Эмираташа а дош делла миллиард доллар хиллал ахча лур ду шаьш Шемарчу бахархошна гIо-накъосталла дан аьлла.

Виъ миллион цу махкара вахарво ву тахана кхача а, молханаш а, четарш а, кхин долу а гIо оьшуш. Цигахь боьдучу тIамах къаьхкина махках ваьлла 700 000 стаг.
XS
SM
MD
LG