ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан пачхьалкхан секретаран даржехь чIагIвина Керри Джон


Iамеркан Сенато пачхьалкхан секретаран даржехь чIагIвина Массачусетс-штатан губернатор Керри Джон. 28 шо ду 69 шо долу Керри Джон Сенатан декъашхо волу. ТIаьхьарчу деа шарахь цо Сенатехь куьйгалла деш яра дуьненаюкъаметтигийн комитет.

2004-чу шарахь Керри Джон Демократин партин цIарах кандидат санна дакъалоцуш вара Iамеркан президентан харжамашкхь. Керри дакъалаьцна ву Вьетнамерчу тIамехь. Пачхьалкхан секретаран даржехь цо хуьйцур ю ПIераскан дийнахь и дарж дуьтуш йолу Клинтон ХIиллари.
XS
SM
MD
LG