ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь набахтера дIахецна 6 «низамехь волу къу»


Гуьржийчохь набахтера дIахецна 6 «низамехь волу къу» олу криминалан гонашкахь дош лелаш волу стаг, кхин а 20 стаганна хенаш яцйина аьлла, дIахьедар дира "Рустави-2" олучу телеканалан эфирехь таIзарш кхочушдаран министран когаметто Гилогадзе Григола.

Цо дийцарехь, набахтера арабовлийтинчу нахана 24 сахьт делла махках бовла. Гилогадзес бинчу хаамца, Гуьржийчоьнан бехк-такхаман кодексан 223-чу артиклца а догIуш, церан бакъо яц маьрша хила, Гуьржийчоьнан территори тIехь а буьсуш.

Гуьржийчурча бакъонашларъярхочо Какабадзе Нанас дIахьедар дина, и артикл хийца аьлла, Парламенте дехар дан дагахь ю ша аьлла.

Даханчу шарахь Гуьржийчоьнан керлачу Iедалша тIеийцира амнистех лаьцна долу низам. Цуьнца а догIуш, гергарчу шина баттахь набахташкара дIахеца везаш ву 5 эзар гергга тутмакх.
XS
SM
MD
LG