ТIекхочийла долу линкаш

Карара валюта дохкар а, эцар а дихкина Узбекистанехь


Махкахошна карара кхечу пачхьалкхийн ахча дохкар а, эцар а дихкина Узбекистанан Iедалша. Кхаарин дийнахь узбекийн коьртачу банко дIахьедар дина, меттигера "сумаш" хийца аьтто хир бу банкийн картанашна тIера, уьш кхечу валютехь долчу дуьненаюкъарчу картанашна тIе а дохуш аьлла.

Узбекистанан Iедалша чIагIдарехь, цу кепара уьш къийсам латто дагахь ду, низамаш а дохош, валюта лелош болчу нахаца.
XS
SM
MD
LG