ТIекхочийла долу линкаш

HRW: Оьрсийчура бакъонаш ларъярца долу хьал вочудаьлла


Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярца долу хьал вочу даьлла аьлла, д1ахьедар дина дуьненаюкъарчу Human Rights Watch олучу организацино. Цо хIора шарахь арахоьцуш долчу рапорт тIехь дуьйцуш ду Путин Владимир юха а президентан дарже д1ахIоьттинчул тIаьхьа Оьрсийчохь юкъараллан жигархой хьийзоран кампани йолаелла бохуш.

Human Rights Watch-ан Оьрсийчурча векалаллин директоро Севортьян Аннас дийцарехь, 2012-гIа шо уггара ледара дара Оьрсийчохзь адамийн бакъонаш ларярехь. Цо билагалдаккхарехь дукха хан йоцуш тIеэцна долчу низамаша вуно чIогIа гатйина Оьрсийчохь маьршонаш а, адамийн бакъонаш а.
XS
SM
MD
LG