ТIекхочийла долу линкаш

Мисарахь барт бан реза хилла цигара политикан партийн векалш


Мисарахь вовшашна тIехь ницкъ бар сацо реза хилла цигара коьртачу политикан партийн векалш. Мисаран президентана гIортор еш йолчу «Бусулба вежарий» олучу партин векалийн а, оппозицин партийн лидерийн а цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг ву цу махкахь лоруш волу Iелим стаг, Аль-Азхар олучу университетан ректор, шейх Ал-Тайеб Ахьмад.

Еарин дийнахь къоман барт бар Iалашонца дийцарш дIадахьа деза аьлла, кхайкхам бинера оппозицин лидерех цхьаъ волчу Эл-Барадей Мохьмада. Даханчу ПIераскан дийнахь дуьйна Мисарахь хиллачу тасадаларшкахь вийна 60 гергга стаг. И бахьана долу чолхе хьал кхайкхийна цу махкарчу кхаа гIалахь.
XS
SM
MD
LG