ТIекхочийла долу линкаш

26 стаг вийна Пакистанерчу тIеман базехь хиллачу тасадаларехь


Мел лаххара а 26 стаг вийна Пакистанехь Шоьтан дийнахь тIемалоша Хибер Пахтунхва олучу провинцехь тIеман базанна тIелатар а дина. Царах 11 маьрша вахархо ву, вуьйсуш кхерамазаллин сервисийн белхахой бу. Меттигерчу полицин куьйгалхочо дийцарехь, цигахь 7 сохьтехь хиллачу тIематасадаларехь вийна 5 тIемало.

И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина Пакистанан Техлин и Талибан олучу тобано. Цуьнан векло телефонехула дийцина Маршо Радион корреспонденте, шаьш дина тIелатар бекъам бара, Iамеркан тIехь пилот воцучу кемано- дроно-тохар а дина, шайн ши командир верна аьлла.
XS
SM
MD
LG