ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамазаллин хаттаршкахула конференци ю дIахьош Мюнхенехь


Мюнхенехь ПIераскан дийнахь схьайиллина кхаа денна лерина йолу кхерамазаллин хаттаршна хьажийна йолу дуьненаюкъара конференци. Цигахь дакъалоцуш бу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн а, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а, кхин болчу мехкийн а арахьарачу гIуллакхийн а, тIеман министраллийн векалш.

Царна юкъахь ву Iамеркан вице-президент Байден Джо а. Конференцин декъашхоша дуьйцур ду Шемахь а, Мали-пачхьалкхехь а хIоьттина долу хьал а, ткъа иштта ГIажарийчоьнан зарратан программина гонах лаьтташ йолу кризис а. Цу форуман декъашхойн кхерамазалла ларйеш бу кхо эзар ах эзар гергга полицин белхахо.
XS
SM
MD
LG