ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин а, демонстрантийн а тасадаларш хилла КъахIирехь


КъахIирехь ПIераскан дийнахь президентан гIишлонна хаьлха тасадаларш хилла полицин а, демонстрантийн а. Кхерамазаллин ницкъаша дIасалаьхкина гулбелларш, хиш а детташ, стигал герзаш а кхуьссуш. Ткъа демонстранташа шайн агIор цIе латон шишанаш а, тIулгаш а кхиссина полицин белхахошна.

Мисаран президентан Мурси Мухьаммадан дуьхьаланчаша цу кеппара акциш дIаяьхьна цхьамогIа кхечу гIаланашкахь а, шайна юкъахь Александрия а, Порт-Саид а йолуш.

Оппозицин жигархоша доьхург ду махкахь къоман цхьааллин Iедал кхоллар а, исламисташ кечйинчу конституцина тIехь цхьамогIа хийцамаш бар а.
XS
SM
MD
LG