ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен даржехь хьанал болх бан чIагIо йина Керри Джона


Iамеркан Конгрессехь хиллачу къоьвлинчу церемонехь чIагIо йина Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Цу даржехь цо хийцина 2009-чу шарахь дуьйна Iамеркан арахьарчу политикана куьйгалла деш хилла йолу Клинтон ХIиллари.

Церемони дIаяьхьнарг яра Iамеркан Лаккхарчу кхелан декъашхо Кэйган Элена. Керри Джонан 69 шо ду. Иза дакъалаьцна ву Вьетнамехь хиллачу тIамехь. ТIаьххьалц Керри вара Массачусетс-шататан губернатор.
XS
SM
MD
LG