ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанера эскарш арадахар


Кхаа агΙонан дийцарш дΙадолийна оршот дийнахь Лондонехь Ингалсенан премьер-министра Кэмерон Дэвида а, ОвхΙанистанан а, Пакистанан а президенташа Карзай Хьамида а, Ιела Зардари Асифа а. ОфхΙинистанехь Ιедална тΙалибаша алссам тΙеман тΙеΙаткъам бечу кху хьелашкахь дийцаре деш ду 2014-чу шарахь цигара Атлантикан тΙеман альянсан эскарш арадаха долор.

ХΙинца кхоазлагΙа деш ду къамелаш оцу хьокъехь. Ιаьмеркарчу 60 эзар салтех лаьттачу эскарал тΙаьхьа шен дукхаллица шолгΙачу меттехь ду ингалхойн эскар – 9000 салти а, эпсар а.

Куьйгалхой а санна, оцу кхаа пачхьалкхан къайлаха сервисаш а гулло кест-кеста ОфхΙанистанера муьлха эскарш арадовлу, дуьсу къастош.
XS
SM
MD
LG