ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахьмадинежадан риторикехь ю коррупци



ГΙажарийчоьнан президента Ахьмадинежад Махьмуда коррупци яржорна бехке бина мехкан премьер-министран Лариджани Фазелан доьзал а, гергарнаш а. Лариджанис коррупци лелош хилар гучудаьлла, бохура Ахьмединежада, цуьнан вашас Лариджани Ιелас яздинчу кехаташкахь.

Лариджани Фазела, президента ша а, шен го а политика бухе а йиллина, хьийзаво, аьлла, даржийна. Тергамчаша леларг дузу аьхка ГΙажарийчохь президентан харжамаш хила безаш хиларца. Шен кхозлагΙа президентан дарже хΙотта йиш яцахь а, и дарж дΙалоцундерг шех возуш стаг хилийта гΙерта Ахмединежад, аьлла хета тергамхошна.
XS
SM
MD
LG