ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буданов вер толлучу кхелехь



Москох Буданов Юрий верна бехке хилар зуьйш левечу Темирханов Юсупан кхелехь рогΙера белхан де дара оршот. Адвоката Мусаев Мурада дийхира кхеле, тоьшаллаш гулдеш талламчаша зийначу духаран экспертиза гΙуллакхах ца тохар. Кхел цунна реза ца хилла.

Адвоката чΙагΙдо, Темирхановн ю аьлла талламчаша хΙуманаш дΙаэцар а, царна экспертиза яр а низам а талхош дΙадаьхьна, бохуш. Алссам журналисташ а бара кхелан чоьнаш чохь, Буданов Юрийх йисинчу зудчо ден долчу тоьшалле ладогΙа баьхкина. Амма иза ца еанера кхеле. Шен нана цомгуш ю, аьлла, хаам бира, кхеле веъначу Будановн воΙа.
XS
SM
MD
LG