ТIекхочийла долу линкаш

Хьаькамаш бу лоьцуш ТехIеранехь



ГΙажарийчоьнан президента Ахьмадинежада емалйо шайн мехкан кхел, цо шена муьтΙахь а волуш, прокурор лаьттина Мортазави СаΙид лаца магорна. «Иза маьттаза хΙума ду», аьлла ю президента интернетерчу Ιедалан сайта тΙехь яржийна комментари.

ГΙажарийчоьнан прокуратурано бакъдо кΙирандийнахь Мортазави лаьцна хилар, амма ца хоуьйту бахьана. ТехΙеранерчу Эвин набахти чувоьллина прокурор лаьттинарг. 2010-чу шарахь цунна бехке дора Ιедална дуьхьал гулам хΙоттийча чувоьллина кхо стаг набахти чохь валар. Амма гΙуллакх тΙаьхьо дΙакъевлира.

Къирандийнахь Ахьмадинежада коррупцица гергарлонашкахь ву, аьлла, бехке вира кхин цхьа хьаькам – лакхарчу кхелан суьдхо Лариджани.
XS
SM
MD
LG