ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена го кхуллуш ву Абдулатипов


Деношкахь Дагестанан коьрте хΙоттийна Абдулатипов Рамазан белхан го къастош ву шена. Парламентан спикер дΙа а ваьккхина, цуьнан метте кхин стаг хΙоттон лерина ву иза. И дарж хьанна тешор ду официалехь довзуьйтуш дацахь а, Ιедалан гонашкахь даьржина, цига хΙоттош верг Дагестанан цΙарх Оьрсийчоьнан Думехь болх беш волу гΙуьмки Шихсаидов Хизри ву, аьлла. КΙира гергга хьалха Абдулатиповс балхах мукъаяьккхина министрийн кабинет.

Цуьнан коьрте хΙинца хΙоттийна Меджидов Мухтар. Абдулатиповс дΙахьедина, 10-20 шерашкахь лаккхара гΙенташ лаьцна Ιен нах ша хуьйцур а бу, керла хьаькамаш конкурсах чекхбохуш бен хΙиттор а бац, аьлла. ГΙенташ ткъеха шарахь лецна Ιаш ларало Дагестанехь лаххара а ткъеха лаккхара куьйгалхо.

XS
SM
MD
LG