ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело ла а ца дугIу адвокате Мусаевга



Москох Полковник Буданов Юрий вер толлуш кхело левечу Темирханов Юсупан девнан рогΙера белхан де дара шинара. ЛадегΙаршка ца баьхкинера Будановн гергарнаш а, эпсар вийнарг Темирханов вац аьлла хьалха тоьшалла деш хилла стаг а. Адвоката Мусаев Мурада бехк къасторна пайде ду аьлла, динчу кхаа дехарх цхьа а кхочуш ца дина кхелахоша. Тешаш кхелехь цахиларо новкъарло йо шена шен болх эвссара дΙабахьа, аьлла Мусаевс дина арз а тΙе ца эцна кхело.

Уггаре тамашениг ду, Ιедалша лачкъийна аьлла, адвоката Мусаевс хьалхо вийцина хилла теш Евтухов, могуш-маьрша ву Ιедало бахахь а, иза цкъа а кхелан цΙийне веъна а цахилар.
XS
SM
MD
LG