ТIекхочийла долу линкаш

Human Rights Watch: мигранташ бацабо Сочехь


Дуьненаюкъарчу адамийн бакънийн Human Rights Watch организацино дIахьедар дирна, Сочихь олимпикан гIишлош еш къахьоьгуш болу белхан мигранташ къиза бацош бу аьлла.

Организацин лерринчу рапорто дийцарехь, уьш белхашка лаьцначу наха церан алапаш сецадо я данне дIа а ца ло. 12 сохьтехь белхаш бойту. Паспорташ схьадоху, уьш болх охьа а тесна, дIа ца бахийта. Уьш дуккха а гулбой Iойту цхьана хIусамехь. Кхачанца долу хьал а ледара ду церан.

Human Rights Watch организацин Оьрсийчохь эксперт йолчу Горбунова Юлияс ша Маршо радиоца динчу къамелехь элира, Эрмалойчура, Азера, Сербера, Украинера а иттаннаш белхалошца динчу къамелашна тIехь яздина ду шен рапорт.

Бакъонашларъярхоша кхайкхам бина оьрсийн Iедалшка а, Дуьненаюкъарчу Олимпикан Комитете а оцу кепара нах бацор саца а де, къинхьегамхойн-мигрантийн адамаллин сий а ларде, аьлла.
XS
SM
MD
LG