ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан Цхьанабелхан Организацин саммито шен болх болийна КъахIирехь


Дийцаре дехкина коьрта хаттарш ду Шемара хьолаца а, Мали-пачхьалкхехь исламисташна дуьхьала латош болчу къийсамца а доьзна.
Шемара цхь а векал вацара цу саммитехь. Дийцарехь, саммито ший а агIо дагадовларшка кхойкхур ю, цIий Iенош дов сацон Iалашонца.

Сенегалера Исламан Цхьанабелхан Организацин президенталла караэцна Мисар пачхьалкхо. Организацина юкъайогIуш ю 57 пачхьалкх.

Ткъе иттех шарахь дуьххьара Мисаран коьрта гIала КъахIире вахана гIажарийн президент Ахьмадинежад Махьмуд.

2011-чу шеран юьххьехь революци а йина, мисархойн президент хилла Мубарак Хьосни вохийначул тIаьхьа дуьйна Мисарца йолу шен юкъаметтигаш тоян гIерташ ю ГIажарийчоь. 1979-чу шарахь ГIажарийчохь сиаламан революци иккхинчул тIаьхьа телхинера шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.

Шинарин дийнахь КъахIирерчу маьждигана уллехь хиллачу гIажарийн президентана мача тоха хьаьжнера цхьа стаг.
XS
SM
MD
LG