ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин политик Белаид Чокри вийна Тунисехь


Цхьаьнатоьхна Къоман Демократан националистийн партина урхалла деш волу оппозицин политик вийна Тунисехь.

Шен хIусамера араволуш, тахана герз тоьхна Белаид Чокрина. ТIаьхьарчу хенахь цо критика йора гIаьхь-барамехь йолчу исламистийн «ЭннахIда» партина. Оцу партин дукхах болу декъашхой бу Тунисан Iедалехь. Даханчу шоьтан дийнахь рогIера, «ЭннахIдана» критика еш дIахьедарш дира Белаида.

Тунисан Iедало емалдина оппозицин политик вер. Таламхой къастон буьйлабелла иза веран бахьна.
XS
SM
MD
LG