ТIекхочийла долу линкаш

Тунисан Iедал дIасахецна


Еарин дийнахь бIеннаш исламисташна дуьхьал болчу нехан тасадаларш хилла Тунисерчу Гафса гIалахь, Iедалан хьукхматана хьалха. Дуьхьалонан акцешка арабевллачара «Молотовн» олу, догу шуьшанаш кхийссира полицина тIе, шайна тIе бIаьрхиш долуьйту газ хецча.

Кхаарийн дийнахь дуьйна Тунисан дукха гIаланашкахь эзарнаш нах ара а бевлла, дуьхьалонан акцеш дIаяьхьира, аьрро агIора политик хилла Белаид Чокри вийначул тIаьхьа. Цо дуккхаза а критика йинера гIаьхь-исламистийн «Эннахда» партина. Оцу партин лидеро Ганнуши Рашида тIе ца дуьту шаьш иза верна бехке хилар.

Еарин буса Тунисан премьер-министро Джебали Хьамадис Iедал дIасахийцира, шайн махкахь къепе хIоттон а, оппозицин агIонаш тебан а Iалашонца.
Ша гергарчу хенахь теократан Iедал кхуллур ду аьлла дош делла цуо.
XS
SM
MD
LG