ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин лидер Шокри дIавоьллина Тунисехь


Кху деношкахь вийна волу оппозицин лидер Белаид Шокри дIавоьллина ПIераскан дийнахь Тунисехь. Цуьнан тезета гулбелла бара эзарнаш нах. КхоалгIа де ду цу махкахь Iедалшна дуьхьал хьажийна йолу акциш дIайоьлху.

Еарин дийнахь кегийрахойн тобано, цIе а тесна, ягийна махкахь Iедалехь йолчу «Ан-Нахда» олучу партин офис. ПIераскан дийнахь массара а болх охьатеснера Тунисехь. Болх беш яцара юкъараллин транспорт, къевлина яра пачхьалкхан махкамаш. Iедалша тIе ца дуьду Шокри верна шаьш бехке ду бохург.
XS
SM
MD
LG