ТIекхочийла долу линкаш

Полицин белхахо вийна Дагестанехь


Еарин сарахь полицин белхахо вийна Дагестанерчу Хаджалмахи олучу эвлахь. Иза ву меттигера декъан инспектор Алимурзуев Якъуб.

ТIелатар динчо тапча йиттина цунна, иза шен керта воьдуш волуш. Дарбанан цIийне вуьгуш велла полисхо. ТIелатар динарг къайла ваьлла.
XS
SM
MD
LG