ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Iедал кхолла дагахь ву Тунисан премьер


Тунисан премьер-министро Желаби Хьамидис дIахьедар дина, Iедалехь йолчу «Ан-Нахда» партин радикалан ойланаш йолу дакъа реза дацахь а, махкахь керла технократийн Iедал кхолла дагахь ву ша аьлла.

ПIераскан дийнахь цу мехкан коьртачу гIалахь Тунисехь полицино, бIаьргех хиш оьхуьйту газ а хецна, дIасалаьхкина демонстрантийн тобанаш.

Кху деношкахь вийна оппозицин лидер Белаид Шокри дIаволла гулбелачу 40 эзар гергга болчу наха цхьамогIа акциш дIаяьхьна махкахь Iедалехь йолчу «Ан-Нахда» партина дуьхьал. Полицица хиллачу тасадаларшкахь дIалаьцна 132 стаг. Тунисехь болх охьатесна бахархоша.
XS
SM
MD
LG