ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин реза вац чоьхарчу гIуллакхийн министраллана


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира онда критика йина шайн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана. ПIераскан дийнахь цу министраллан шорйинчу коллегин кхеташонехь вист хуьлуш цо дIахьедар дира, министраллан белхахоша беш болу болх эвсаралла йолуш бац аьлла.

Путин Владимира дийцарехь, махкахь бехкениг къастоза дуьсуш ду 45 % гергга зуламаш. Цо билгалдаьккхира, 2012-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан бюджет шозза алсам яьлла хилар, 2011-чу шарахь хиллачуьнца юьстича. И бахьана долуш шозза алсам даьлла полицин белхахошна а, чоьхьарчу эскаран эскархошна а луш долу алапа.
XS
SM
MD
LG