ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9 шо долу дешархо йийна Нохчийчохь


Нохчийн жима йоI, иллюстрацин маьIнехь
Нохчийн жима йоI, иллюстрацин маьIнехь

9 шо долу жима йоI, хьийза а йина, иза йийна долу зулам гучудаьккхина нохчийн полицино. Цоцийн эвлахь хилла долу и хIума, дукха сиха гIарадаьлла махкахь. Ишшта хIума хиларан шорта бахьанш го нахана.

Хиллачуьнах лаьцна Нохчийчохь хьанна а хезча, дера хира дац иза вай цIах-м олу. Дукхахболчара, и хIума динарг тайпа-тайпана къизалш а еш, вен веза олуш ду. Цо динарг-м дан а ду, коьрто схьа ца лаццала хIума, цомгучу стага бен дийра доцу.

Ши де хьалха 9 шо долу Ведраева Линда, цIерчара Мата а олура цуьнах, ишколе яха чуьра Iуьйрана араяьлла хилла. Делкъал тIаьхь иза цIа ян хьеелча, цуьнан нанас телефон тоьхна хьехархочуьнга. Вукхо иза ишколехь хилла а яц аьлча, тIаккха дуолийна цуьнан лехарш. ШозлогIачу Iуьйран, оцу оьвлара цхьана стаган, шен говр хахка араяьккхинчуьнна, карийна йоIийна дакъ, нехаш дIакхуссучу меттехь.

Сихонца буолийначу талламо, къастийна оцу меттигехула кIай «Лада» машен дIаяхана хиллийла. Нийса ах сахьт далле, Цоцийн-оьвлара, цу тайпа машен мел йолу стаг дIагулвинера полицийн декъе.

Таллам сихбелла бар, республика куйьгалхочо и зулам динарг лаха ши де делла долун дела. Амма, бера хьийза а дина, иза дийнарг ларамаз карийна. Оцу йоIан дега Рустаме талламхоша хаьттинера, цуьнца гамо йолуш а, хIуьттаре а йийра йолуш стаг варий теша аьлла.

"Цхьанци а дацара дов, дукха хан йоцуш, шен кертахь бух боьттинчу меттигерачу вахархочуьнца Дагжиев ШахIруддица мах къоьвсина дар-дацара иккхинера" аьлла хаам бина цо. Вукхо ша дIавоьдуш аьлла хилла, ша "иза дуьтура дац хьуна" аьлла. И стаг лаьцна дIавигича, цуьнан машенна таллам бина, цу чохь карийна оцу йоIийн коьртара куй а, куча тIера масех нуьйда а, цуьнан месаш а. Ишшта гучудаьлла и кIоршме зулам.

ДIалаьцначу 47 шо долчу Дагжиев ШахIрудди, оцу оьвлахь ша тайпа амал а йолуш, гIишлошъярхойн цхьацца ишшта белхаш деш хилла ву, цхьанна тайпа кхин билгал а ца волуш. Шен кIентаца а, несца а, вехаш хилла иза оьвла йистехь.

Цуьнах лаьцна хIума дагадоуьйтуш, нахана карладаьлла, стохка, новкъахь йогIуш хилла йолу жима йоI, иза, шегахь оцу хенахь хиллачу мотоцикл тIе хао гIерташ хиллийла. ХIета дуьйна, педофилан новкъа ваьлла хилла хира ву иза бохуш, дуьйцу цуьнан юьртхоша.

Тахана, ВедраевгIеран неIаргахь, доккха тезет ду дIахоьттина. Божарий а тIаьхь, боьлхуш го цигахь. Дукхачу нахан халонга далар сов, нохчашна юкукъахь муха хира ду цу тайпа хIума бохуш, хеттаршкахь буьсу уьш.

Хьийза а йина, йийна йолу Ведраева Мата, дешначу ишколехь а хилларг бен дуьйцуш дац. Хьехархоша а, дешархоша а, дайш-наноша а цхьана озаца, олу, дешархошкара мобила телефонаш дIаяха езаш яцара аьлла, иза цуьнан карахь хиларо, кIелхьар йоккхура яра аьлла хеташ.

ВедраевгIеран доьзало чIир кхайкхина хIинца ДогжиевгIаьрга. Чохь яьккха цунна хан кхайкхаяхь а, ян иза цхьана бахьанца дукха хан ялле аравалахь а, цхьа а хьоьгуш вац цуьнах.

Цу тайпа хIума Нохчийчохь хилла дац аьлла дукхачу нахана хетахь а, уьш хилла ду. Оцу хIуманна тIехь, башха дикачу агIора къеста а ца къеста нохчий. Ткъа, тIемаш хилла хиларо а, нахана юккъахь барт а, чам а, вовшах башар а гIелдаларо, цу тайпа, кIоршме хIумш хуьлуьйту.

Психологаш а, цхьабочлу бахархоша а, билгалдоккху, Догжиев санначу цомгучу нехан ойланаш ира йолуьйтуш ерш цхьана агIора хаамийн гIирсаш а бу аьлла. ХIокху шина-кхаа шарахь, хIора дийнахь аьлча санна, оьрсийчоьнан телехьожийлашкахь, вовшах къийса а луш, гойту, педофилех лаьцна программаш а, цара хIун динера, шаьш дина зуламаш къайладаккха бохуш гойтуш долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG