ТIекхочийла долу линкаш

Католикийн килсан куьйгалхо волчура дIаволуш ву Бенедикт XVI


Римера Папа Бенедикт XVI католикийн килсан куьйгалхо волчуьра дIаволуш ву хIокху беттан тIаьххьарчу - 28-чу дийнахь. Ша бинчу сацаман ладамаллех буьззинчу барамехь кхеташ ву ша аьлла Римерчу Папас. Католикийн Килсан куьйгалхочо и тайпа гIулч яккхаран бахьана хууш дац. ХIокху шеран Оханан-баттахь цуьнан 86 шо кхочуш ду.

Ватиканан векало бинчу хаамца, керла куьйгалхо харжар уггар гергарчу хенахь чекхдоккхур долуш ду.

2005-чу шеран Оханан-баттахь Римерчу Католикийн Килсан куьйгалхо хIоьттира Бенедикт XVI. Шен боккъал йолу цIе Йозеф Алоис Ратцингер – хIокху тIаьхьарчу эзар шарахь дуьххьара вара немцойн къомаха волу Римерчу Католикан Килсан папа.
Ялх бIе шо гергга хьалха шен лаамехь Килсан лаккхара дарж охьадиллина кхин цхьа стаг бен вацара - католикийн килсан куьйгалхо волчуьра дIавелира Григорий XII.
XS
SM
MD
LG