ТIекхочийла долу линкаш

Комера шахтехь 18 кIорабакхархо велла


Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло бечу хаамца, 18 кIорабакхархо велла, пачхьалкхан къилбаседехьа йолчу Коми кIоштахь. Воркутинская олучу, кIорабаккхаран шахтехь хиллачу эккхийтарехь беллачерийн декъий Оршотан Iуьйранна хьаладаьхна.
ГIодаккхархой кхин а тлламаш беш бу, зе хилла кIорабакхархой шахтехь кхин а бисний.
Официала Iедалша шаьш хIора кIорбаккхархочуьн доьзална $67,000 эзар доллар барамехь ахча лур ду аьлла. Кхаа стагана чевнаш а йина. Дийцарехь, метан иккхина шахти чохь.
Кхерамазаллин бакъонаш лар ца ярна шеко йолуш, бехк-такхаман гIуллакх долийна.
XS
SM
MD
LG