ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь арсаш хьекхна полицин белхахочун шина кIантана



Дагестанан Талламан Урхалло бечу хаамца полицин белхахочуьн шина кIантана арсаш хьекхна церан шайн хIусамехь.
Дербентан кIоштера Белиджи эвларчу полисхочунна шен вийначу шина кIентан декъий карийна иза шен хIусамненаца хьошалгIа ваханчуьра цIавеанчул тIаьхьа/

Берийн 9, 11 шераш хилла. Шина кIантана тIехь уьрсаца йина чевнаш карийна, зулам динчу метте бахана хиллачу талламан белхахошна.

Дагестанерчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахочуьн ши кIант веран коьрта верси лоруш ю, хIума лачкъон Iалашонца дина тIелатар. Оццу хенахь, талламо тидамехь латтош ду, дайинчу берийн ден балхаца иза доьзна хир ду бохург а. Талламан комитето бечу хаамца 40 стаг ву зуламах хьакхавелла ву-вац къастош. Амма бехк а кховдийна, сацийна, цкъачунна цхьа а вац.
XS
SM
MD
LG