ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехаза хьиджабаш йоькъуш ю Нохчийчохь


Нохчийчоь -- хьиджабаш юхкучу туьканахь, Соьлж-гIала,21Заз2011
Нохчийчоь -- хьиджабаш юхкучу туьканахь, Соьлж-гIала,21Заз2011

Нохчийчохь, зударийн юккъараллийн цхьантуохаралло мехаза хьиджаб духар декъна. Дукхачу зудабераша а , зударша а , иза схьаэцна. Иштта, бусулба дино ма бохху къовлаяла луучарна юккъехь, 62 шо долу йоккха стаг а билгалъяьлла и акци дIахьочарна. Цуьнах лаьцна дуьйцу Султанов Ахьмада.

Пхеа дийнахь бен ца лаьттина Соьлж-гIалахь «Ийман» цIе йолчу юккъараллин цхьантуохаралло дIаяхьна йолу и акци. Зударийн бусулба кучамаш а, йовлакхаш а, чухтанаш а декъна ишколашкахь доьшучу зудаберашна а, университетерчу студенташна а. И совгIаташ далар яцара шайн коьрта Iалашо, оцу духаран маьIна а, иза муха лело деза хьехар а дара, аьлла Маршо радиога дийцира оцу цхьанатуохараллийн жигархочо. Шен цIе яьккха ца лиира цунна.

«Иман» цхьанатуохараллийн жигархо: «И акции оха ишколашкахь а, университетехь а яьхьира. Оха хьалха, зудаберашца къамел деш, тхуна тусаделлера, царна и духар лело лууш хилар. Цхьаболчу доьзалийн таро ца хуьлу, кхечеран наной реза ца хуьлу иза леладайта. Цундела, оха хIокху Рабби-Уль-Авваль баттахь тIелаьцнера и акции дIаяхь. Шорта зудабераш а ду и духар лело лууш, царна юккъахь 62 шо долу йоккха стаг а ю».

Маршо радио: Цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь бусулба динах лаьцна цхьа хаам бича, иза дукха дестадой дуьйцун дела, и акци гIаряьккха лууш яц и цхьанатуохаралла. Меттигерачу телехьожийлехь бен кхин гойтура йолуш яц цуьнах лаьцна репортаж. Иза оьшуш а дац боху, жигархочо. Коьрта Iалашо, цо бахарехь, бусулба зударийн духарах лаьцна дерг довзийтар ду.

«Иман» цхьанатуохараллийн жигархо: «Кхана и зудабераш шай наношца министралле а даьхкина, цигахь цхьанакхетар дийр ду оха. Цигахь мовлид а дешна, хьиджабах лаьцна хIума а дуьйцур ду. Юха тоба а дина и тIедухура ду оцу зудбераш, Дала мукълахь».

Маршо радио: хьиджаб лело лаам болчеран терахьаш хIора дийнахь аьлча санна лакхадолуш ду Нохчийчохь. Цхьаболчу баккхийчу зударша а тIеоьцу и хIума, амма, нохчийн духар а дицдан ца деза аьлла хета царна. Дуьйцу Зараъ цIе йолчу къаночо.

Зараъ: «Нохчийн духар чуьранна дуьйна, Ислам а, Иман а долуш дуоха дезаш ду. Куьцаний, кепаний а дугIуш а дац иза. Хьалхалерачу заманахь пхьарс а, хьаж а, лаг а ца гойтуш духар леладора вай нохчаша. ХIинца бакъдерг дийцича, дукха цIармат а даьлла гIуллакх. ХIуа а гича а бен дIа а ца хета. Соьга хаьттича, массаьрга а леладойтура дара ас и духар».

Маршо радио: Шай зудабераш, хIуа хилахь а, духарца къовла балийта ца лууш зударий а кIезга бац махкахь. Лакхахь, оцу цхьанатуохараллийн жигархочо ма аллара, дукхачу хьолехь наной реза ца хуьлу, шай йоIаршка хьиджаб лелаейта. Луиза цIе йолчу зудчуьнна, ишколехь доьшучу йоIан а кхаьчна мехаз йоькъуш йолу хьиджаб. Нана реза ца хилла. Ша доьхьал яц боху Луизас, амма, иза коьрта тиллале, ша дерг цьунах хаа лаьа, элира цо Маршо радиога йистхуьлуш.

Луиза: «Деллахь со кхоьруш дерг ду, и духар ваххабистийн хIума долчара бен лелош дац бохучуьнах. Вай нохчийн Iедалехь, йоIа лело ма деззара йовлакх лелорна со доьхьал яц. Сан йоI дукха чIогIа лууш ю из алело. Жима а ма ю иза. Соьга цо элира, и хьиджаб тIе а йоьхна, каш чу яла вахьйижа реза ю ша аьлла. Дега а хаьттинера. Цо, иза нагахь санна харц новкъа ялахь, сан корта тIера дIаоьцура бу аьлла, суна тIедиллина ду иза хIинца. Суна ша дерг хаа лаьара, оцу цхьанатуохараллах а , оцу хьиджабах а».

Маршо радио: Нохчийчохь, бусулба динца долу хIума чIогIа экаме а, хийла стаган а, доьзалан а бала баьлла хIума долун дела, дукха нах ларло. Бусулба дино ма бохху, дегI хьулдина йолчу йоIан тIехь, бIарг хутту. Иза ца деза, церан цIерачарна.

Динан паргIато ю бохучу Нохчийчохь тахана а, шеко хуьлу, хIора ламаз маьждигехь дечу стагах а, дукха чIогIа хьиджаб лелочу йоIах а. Махкахь жигара тIемаш боьлхучу хенахь, маларх кхетта волу муьлха а стаг блок-постехула кехаташ ца хилча а чекхволуьйтура оьрсийн эскархоша, ткъа, коьртахь пес ерг, саца а вой дIа ца вохуьйтуш хийзавора. Гарехь цу тIера догIуш ду, нахана динца долу хIума юккъерачу барамехь лело лаар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG