ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь ши бер дийнарг хIума лачкъон вахана хилла


ХьастагIа, Дагестанехь полицин белхахочуьн ши кIант вийначунна, берийн да-нана девзаш хилла. Оьрсийн хаамийн гIирсаш тIетевжачу, меттигерчу бакъонийн органийн хьостан хьесапехь, царгара машен эца гIерташ хилла бехке веш верг. Амма мах ца хилла церан.

И стаг, церан луларчу эвлара 20 шо долу вахархо ву.
Чиллан беттан 11-чу дийнахь полицин белхахо а, цуьнан хIусамнана а, шайн шина йоIаца хьошалгIа вахана хилла. ЦIабаьхкича царна чохь ши дакъа карийна – вийначу 9-сий, 11-тий шераш долчу кIентийн. Ши бер дийначо цуьра ахча а – кхо бIе эзар сом, дашо хIуманаш а яьхьна.

Талламан хьесапехь, цу стеган Iалашо хIума лачкъор хилла. Чохь ши бер карийча, тешаш бита ца лиъна, цо и шиъ дийна. ШолгIа верси ю – бекхам бар.
XS
SM
MD
LG