ТIекхочийла долу линкаш

«Одноклассники» чуьра информаци кхин хьан долахь яц!


Оьрсийчоь -- http://www.odnoklassniki.ru/ сайтан лого

Оьрсийчоь -- http://www.odnoklassniki.ru/ сайтан лого

«Одноклассники», «В контакте» «Facebook» кхин йолчу а социалан машанийн агIонашна тIера информаци, цкъа цу тIе яьккхинчул тIаьхьа, язъйинчуьн кхин ца долахь ца хиларх лаьцна дукха хенахь дуьйна хууш дара. Къайлахчу сервисийн баккхий аьттонаш бу шун йозанаш деша а, суьрташка хьажа а. Цул сов, питане хIума а яздина, стаг ира-кара хIоттийна, кхеле виггал бахьана а доккху. Иштта, интернет-агIонна тIе баьллачу къайлахчу сервисийн карвахана Нохчийчура цхьа жимастаг а.

Иттех де хан ю Теркйист кIоштан Iелин юьртара ДешиевгIеран доьзал синтем байна, ладегIамехь беха. Цунна бахьана ду церан 18 шо долу кIант Iедало лацар а, цул тIаьхьа Соьлжа –гIала дIа а вигна, схьа ца валар а. Билггал и стенна лаьцна хууш дац. Амма юххера гергарчу наха дийцарехь, юьхьанца етташ, ницкъ бина кIантана.

ДешиевгIар шаьш хIумма а дийца хIуьттуш бац шайн кIентан хьокъехь. Делахь а хIуучара даре до жимастаг лацар интернет бахьанехь нисделла бохуш. «Суна хууш дерг хIун ду… Цо «Одноклассники» олучу интернет агIонна тIехь цхьана тIемалочун сурт даьккхина боху. Цуьнга и дIадаккха аьлла боху цхьаммо.

«Хьо мила ву соьга и дIадаккхийта?» - аьлла жоп делла боху кIанта. Йозанехь деш долу къамел дол-долуш гена даьлча, «хьо стаг велахь хьайн цIе а, мичара ву а дийца» аьлла боху и сурт ца тайначо. Кху Iовдало шен телпонан лоьмар биста кхаччалц дIадийцина».

Ишта дуьйцу гергара жима стаг лацарх Iелин-юьртарчу цхьана вахархочо. Цо кхеторехь,цкъа хьалха хьенан, мичара ву а хиъна, телпо а тоьхна, Чкъурга-юьрта, кIоштан полисхойн урхаллера кхайкхина дIавиггарх, Дешиев кхин цIийнах кхетийтина а вац низамхоша. Царна хьаам бийриг ду и мичахь ву хаар а, доьзалхо дийна хилар а.
XS
SM
MD
LG