ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнаш декъий ду хIинца а Нохчийчохь, оьрсийн эскархоша, каш доцуш, дIатеIийна


Нохчийчоь - оьрсийн салти ву Оьрсийчоьнан байракх йостуш, Соьж-гlалара МИнутка майда, 09Чил2000
Нохчийчоь - оьрсийн салти ву Оьрсийчоьнан байракх йостуш, Соьж-гlалара МИнутка майда, 09Чил2000

Оьрсийн эскархоша нохчийн къоман тIехь йиначу геноцидана уггаре а къизачех цхьа дакъа ду, цара шаьш байинчу нехан декъеш цхьа а я цIе а, я кхин билгало а йоцучу, дукхаъ нах цхьаьна а дIабухкучу оьрнашкахь дIатеIийна хилар. Тахана а, шайн гергарчийн лараш лоьхуш лела цу нехан йиша-ваша. ТIом марсабаьлла боьдучу муьрехь, тхан корреспондент Азимова Сийлаха хилира оьрсийн эскархоша дIалаьцначу Соьлжа-гIалахь. Цу хенахь цигахь дуккха дара, латта дакъадала кхианза и тайпа кешнаш, бохуш дуьйцу цо.

Иттанаш я бIеннаш шаьш байъина нах, оьрнаш а дохуш, шаьш бол-болчохь оьрсийн эскархоша дIатеIор – иза Нохчийчохь дIабаьхьанчу шинна а тIамехь массарна а хууш дара. Цу цIе йоцучу кешнех цхьадерш, уьш меттигерачу бахархошна гучу а довлий, хIинцале а схьадаьстина дуккха а. Ткъа дастанза я каронза дерш кхин а дуккхаъ дукхох ду.

Ши эзарлагIчу шеран Чиллан-бутт бовш, аьлча а, хIинцачул нийса I3 шо хьалха тIемалоша йитинчу Соьлжа-гIала кхечира со, цхьана газетин цIарах хIинца-хIинца оьрсийн эскархоша дIалаьцна хиллачу нохчийн коьрта шахьарера хьал талла дагахь. Воьду-вогIу наггахь бен стаг ца гуш, гуш берш а IиндагIех терра цхьа декъаза гIаларташ долуш санна а хеталуш, ерриге а херцашлахь Iуьллуш яра Соьлжа-гIала.

Меттигерачу бахархойх дукхахберш оьрсий бара гуш гIалин юкъехь, ткъа вайнах, дукхахьолехь, я гIалин йистошкарчу кIошташкахь, я наггахь дIасайоьду машенахь гора.

Цкъа мацах тIом болабалле со Iийна хилла цIа долчу со кхаьчча, цу цIачохь хIинца а бехачу нахана юккъехь цхьаъ бен нохчо яцара, массарна а шен доьналлийца, шен я оьрсийн эскархошна, я цуо ша царех мелла а маьттаза а доккхий, олуш хиллачу „ваххабисташ“ дашца билгалбохуш хиллачу нахана а къар ца яларца евзаш хилла йолу Хамсат цIе йолу зуда яра иза. Кхин дIа берш оьрсийн бара, дукхахберш къаной а болуш, гIалара дIа ца бахлуш, я шайн сал-пал а битина дIабаха ца лууш биснарш.

Ас масех дей-буьйсий даьккхира хIетахь Соьлжа-гIалахь. 36-ха дакъа олучу Ширачу промыслийн кIоштара дуьйна дIа Микрорайонашка кхаччалца лийлира со, оьрсийн эскархойх лечкъаш, цу гIалара хьал тергал а деш, дIа а яздеш. Коьртаниг ас юхьаралаьцначу балха тIехь – оьрсаша байинчу маьршачу нехан цIе йоцу кешнаш мичахь ду, цу чохь мел адам ду къастон хьажар дара. Цу тIехь уггаре а мехала тешаш бара, тIом болабелча дуьйна, дIа а ца боьлхуш, гIалахь бисина хилла меттигера бахархой, доккхачу декъехь - оьрсий.

Цара гойтура суна, эскархоша мичахь мел стаг вийра, и нах цара мичахь дIабоьхкира. Ширачу промыслийн кIоштанахь масех яра и саннарг меттиг. ХIетахь оьрсийн МЧС – хьукматан туш Автобаза олучу меттехь тоьхна дара, цу уллохь яра цхьа дуккхаъ нах цхьаьна дIабоьхкина меттиг. Цу уллохь бехачу соьлжа-гIалахоша дийцарехь, цу кашчохь, мел кIезга а, 50 стаг хила везаш вара. Амма кхин а алсамох байина нах цу МЧС-сан кертахь дIатеIийна бу, бохуш, чIагIдора цара.

Кхин цхьа а массара а билгалйоккхуш йолу меттиг яра Соьлжа-гIала юкъера, хIетахь Авторханов Iабдурахьманан, ткъа хIинца Кадыровн-воккхахчуьн цIе лелош йолчу майдана кIелара туннел. Цу туннел чохь дийна болушехь дIабоьхкина дукха нах бу, бохуш тоьшаллаш дора меттигерачу бахархоша. Жимма тIаьхьа, 200I-чу а, 2002-чу а шерашкахь циггахь, цу туннел бухахь оьрсийн эскархоша а, царна тIе кхеттачу меттигерачу ницкъаллийн министраллийн белхахоша а лийцинчарна таIзарш деш хиларан тешаш бара дуккха а соьлжа-гIалахой, - царна и таIзарш ловш берш ган ца гахь, амма дика хезара цу лаьтта бухара хьалаоьхуш долу маьхьарш а, узарш а.

ГIалин юккъерчу урамашкахь маьI-маIIехь хила дезаш дара иттанашкахь нах дIабоьхкина кешнаш, уьш меттигерачу бахархоша „кегий“ лорура, царна чохь дIатеIийнарш бIеннашкахь ца хиларна.

Иштта Микрорайонашка дIабоьду некъа тIехь, Баня олу социйла йолчехь яра оьрсийн эскархойн цхьа талламан пост. Цигахь хийла воьду-вогIу маьрша вахархо сацийнера цара, адамийн бакъонашларъярхоша а, меттигерачу бахархоша а дечу тоьшаллашца. Цул тIаьхьа и нах тIепаза бан а байнера.

Цу поста уллехула со тIехйолуш гуш дара салтеша яздина долу, Дантес шен цIеяхханчу тептар тIехь жоьжахатин кевнашна тIехь яздина ду, бохуш, дийцина хилла дешнаш: „ХIокху чоьхьа волучуо хIораммо арахь биталаш шайн сатийсам“, я, оьрсийн маттахь цара ма -яздарра далийча, „Оставь надежду всяк сюда входящий“, аьлла долу.
Шаьш цу кертахь хIоттийна хилларг жоьжахате юйла кхетачух тера дара царна, амма кхетарий теша уьш шаьш шайна а жоьжахатан цIе кечъеш хиларх?

Цу хенахь Гантемиров Бисланан гергара накъост а, оьрсийн агIонгахь тIом беш а вара Бувади Дахиев, масех шо даьлча ОМОНан куьйгалхочуьн гIовсан даржехь ГIалгIайн махкахь вийна хилла волу. Ширачу промыслийн кIоштанахь хIетахь, уллохь дуккхаъ тешаш а болуш, цуо дийцира соьга, еккъа цхьана шен куьйгакIеларчу милцойн тобано 500 сов стаг, бульдозершца оьрнаш а дохуш, кхаа каш чохь дIавоьллина, бохуш. И кхо каш дерриге а Ширачу промыслийн кIоштанахь ду элира цуо, хьо юха еъча, ша хьуна дIа а гойтур ду уьш, аьлла.

Амма уггаре а къиза а, луьра а меттиг масех шарахь тIекIел ларалуш яра Соьлжа-гIалара цкъа мацах цирк шена чохь хилла меттиг. ГIаличохь сайн ка-ма доллу болх чекх а баьккхина, ара яла дагахь зазадоккху беттан 3-чохь со 36-гIа дакъа цIе йолчу меттехула тIехъяла гIоьртича, цигахь блок-постехь хиллачу салтеша тIоьрмиг талла а теллина, цу чохь и кешнаш долчу меттигийн картанаш гучудалар бахьана долуш сацийра со.

Картанаш а, йозанаш а, кхеташ ма-хиллара, цара дIадехира, ткъа со тIемлойн айкханча хила там бу, аьлла, шайн цу хенахь коьртачех хиллачу туьшане, Комсомольская урамерачу цирке дIайигира. Суна дагадогIу хIетахь сайга цу циркехь хиллачу цхьана эпсаро аьлларг : „ Кху кертахь дIавоьллина, хьо санна волу, 208 нохчо ву, ткъа хьо 209-гIа хир ю, аьлла“.

Цу эпсаро вийцина 208 стагана тIе, шеко а йоцуш, кхин а хийла кхетта хир ву, - масех шарахь цул тIаьхьа, гIап а хилла, лаьттира и мацах цкъа цирк хилла меттиг, массо а соьлжа-гIалахошна кхерам кхуллуш, цу чохь оьрсаша таIзарш деш, бойъуш, дIатеIочу нахах инзаре дийцарш а кхуллуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG