ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адам вистхилийтина Одессерчу кхелехь


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечамбеш хилла аьлла, Украинерчу Одессехь кхеле озийначу Осмаев Адаме дош делира тахана суьдхоша. "Юьхьанцара ша шен боцу бехк тIелацар, шена тIехь ницкъ барца доьзна хилар хаийтира Осмаевс. Я Путинна кечдеш хиллачу тIелатарца а, я кхечу зуламашца а гIуллкх долуш вац ша" элира цо.
Одессерчу кхело бутт баьлча меттахΙиттор долуш ду юкъахдаьхна ладегΙарш.

Таххана Оьрсийчоьнан Федаралан Кхерамазаллин Сервисо барт а хаьттира Осмаевга.

Осмаев Адам даханчу шарахь, Чиллан беттан 4-чу дийнахь лаьцна вара, цул а бутт хьалха Одессехь дина хиллачу эккхийтарца воьзна ву, аьлла. ХIетахь цу эккхийтарехь веллера Мадаев Руслан.

Чевнаш хиллера Казахстанерчу Пьянзин Ильяна. Чиллан беттан 27-чу дийнахь Украинин Кхерамазаллин Сервисо дIахьедар дира, оьрсийн а, украинан а лерринчу сервисаша юкъахдаьккхина Путинна дан кечдеш хилла тIелатар, аьлла.
XS
SM
MD
LG