ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанехь динчу эккхийтарехь 4 полисхо вийна


Дагестанерчу Хасав-юртахь полисхошца дIа-схьа герз детташ вийна кхо тIемало. И аьлла хаам бина цу республикан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин зорбан-сервисо.

Мичурино-эвлана йистехь байина болу экстремисташ, тахана полицин постана уллехь дина хиллачу эккхийтарна бехке хила там бу. Оцу эккхийтарехь велла, мел лаххара 4 полисхо. Кхин а ялханна чевнаш хилла.

Нуьцкъала эккхийтар хилла, полисхоша таллам бан машен сацийча. Талламхойн хьесапца, эккхийтар динарг, вала араваьлла стаг хилла.
XS
SM
MD
LG