ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талибане машаран дагадовларш кховдор дуьйцуш ю Пакистанера политикан, динан партеш


Пакистанерчу Талибане машаран дагадовларш кховдор дийца, Пакистанера политикан а, динан а партийн векалш цхьанакхеттера Исламабадехь. Тахана долаеллачу «Массо а партийн конференци» олучу цхьанакхетаре гулбеллера 26 политикан а, динан а партийн векалш. Делахь а, Талибанехьа гIерташ йолу ши парти дуьхьала хилира цигахь дакъа лаца.

Конференцин хьехамаш Пакистанан президенте а, тIеман куьйгалле а кховдор болуш бу.
ХIара бутт болалуш, Пакистанерчу Талибано машаран дагадовларш кховдийнера Пакистанан Iедале.
XS
SM
MD
LG