ТIекхочийла долу линкаш

ХIаваэра кхиссинчу ракеташа маьрша нах байина ОвхIанера Кунар провинцехь


10 маьрша стаг вуьйш, хIаваэра ракеташ тохарх лаьцна дийца, ОвхIан-пачхьалкхан президенто Карзай Хьамида шена тIекхайкхина НАТОно шен пачхьалкхехь урхалла дечу ницкъийн буьйранча. Дийцарехь, масех Талибанан векал а вийна Кунар провинцехь кхаарин дийнахь хIаваэра ракеташ тоьхча.

Карзайн администрацино тахана даржийначу дIахьедаро боху «и тайпа хIума тIейогIучу хенахь хила йиш йоцуш ду». Оццу дIахьедарехь аьлла ду, Iамеркан инарло Данфорд Джозефа къинтIера довлар а дехна, дош делла, маьрша нах бехачу меттигашкахь кхин хIаваэра герзаш кхуьйссур дац шаьш, аьлла.
XS
SM
MD
LG