ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цкъа мукъане схьахьажа, министран дарж лохьа


Кадыров а, цуьнан гуо а, чоьанаш а доьхна
Кадыров а, цуьнан гуо а, чоьанаш а доьхна

Дешний, говза хиларрий башха коьрта доцчух тера ду тахана Нохчийчохь балха дIахIуттуш. Стаг тIеверзош гIарабевллачу бабацеша министрийн дарже а кхачаво, шайна кара хIума елчхьана.

Нохчийчохь балхара, иза мел лаккхарчу даржехь хилча а, дIаваккхар хIумма а хала хIума доцуш санна до Iедалан куьйгалхочо. ХIокху деношкахь цхьа полисхо дIаваьккхина кхеташонехь наб йина аьлла. Кхин цхьаъ, махкхаь гIарваьлла верг, министрийн дарже кхача гIиртинверг, дарбан хIусаме завхох вахийтина. Цуьнах лаьцна ю Султанов Ахьмада кечйина материал.

Цхьаъ набарна тIера ву аьлла, важа, бозбончаллашкахула шен белхан лаккхене кхача гIоьртина аьлла дIаваьккхина Нохчийчохь. Цхьа кIира бен юккъе а ца даьлла оцу шина хIуманна. И ши а адаржхо, йохIаьржа а хIоттош, меттигерачу телехьожийлехь гайта а гойтуш балхара вуохийна республика куьйгалхочо.

Цхьа кIира сов хан хьалха, Соьлжа-гIалахь, низамхой юккъахь а болуш кхеташо дIаяхьнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Гулам юккъебаьллачу хенахь, чохь болчарна Iалашонаш хIиттош къамел дечу цунна бIаьрг кхетта, шозлогIачу могIарехь хиина Iачу цхьана эпсарех, шен набаро Iаткъам бина, бIаьргаш а къоьвлина, корт а оллийна вехачу.

Ша къамел дечу хенахь, чохь чуьрк а лелаш хилча ца мегачу республика куьйгалхочо, дукха буьрса араэккхийтира набарна тIера волу полисхо. ГIенах ваьккхина, хан яьлла волу эпсар, дикка кхетачух тера а дацара ша балхара дIаваьккхинийла. Меттигерачу телехьожийлехь, цуьнах лаьцна йолу кийсак ша, беламе спектакле санна хьаьжира нах.

Кадыров Рамзан: «Хьо наб еш ма ву, со хьан болх буьйцуш валлачу хенахь. Кхузза дIахьаьжира со хьоьга, сама ца волу теша аьлла. Хьенан куьйга кIелахь ву иза, хаьий шуна? Рапорт а язъей дIагIолахь кхузара. Суна наб ян веана ву хьо кхуза? ДIавал,о дIа аравала. Рапорт схьа эцалаша цуьнгара».

Маршо радио: Вуьйцучу полисхо балхара дIаваккхар, бахьан беламе хиллехь а, кхечу даржхочуьнна, махкахь дикка воьвзучу Абастов Ахьмадан, гIулалкх ишшта дацара. Бозбончал а лелош, нахана дарбанаш а, марздарш а лелочу нахан доьхьал, Нохчийчохь дIахьочу кийсамехь доьххьара вуожийнарчарах.

Цхьана хенахь, Гуьмса кIоштехь, уггаре а халчу хенахь, 2000 шерашкахь администрацийн коьртехь лаьттина хилла волу Абастован тIаьххьара дарж дар, Соьлжа-гIалара Октябрь кIоштан администрацийн куьйгалхочуьнна гIовс. Амма, дукха хан йоцуш, цигара балхара дIаваьккхинера иза, ларош вац аьлла.

Дог ца духучу цо, Наур кIоштехь ехачу, бозбончаллийн дарбанаш а, марздарш а лелочу цхьана оьрсийн зудчуьнна тIе а вахана, шен министрийн дарж дехна. Вукхо, оцу накъосталлах, доьвзткъа туьма (800 сом) ахча дехна. Абастов Ахьмад, Кадыров волчу цуьнан кабинет чу валийна, цигахь цу шиммо деш долу къамел а гайтира меттигерачу телехьожийлоехь. ХIинца и видеоролик интернетехула дIасаяхан.

Кадыров Рамзан: "Хьо хIун да вахнера, Ноьвре Оля цIе йолчу зуда йолчу? Дийцахь!"

Абастов Ахьмад: «Культуран, ян дешаран министар хIотта лууш вахнера. Цо ша талхор дIадоккхура ду аьллера. Хьожур ю аьллера.

Кадыров Рамзан: Собардехь, цо хьуна талхор дIадоккхура ду аьллера, тавийра ву аьллера. Министр вахийта везаш ма вар цо хьо. Соьца цхьа зIе хила ца еза цуьнан, волу министр дIа а ваьккхина. Ян дешаран, ян культуран министр дIаваккха ма веза сан. Ас хьо министр вохуьйтуш хилча, цуьнан хIун уьйра ю соьца?».

Абастов Ахьмад: «Иза-м ца хаа суна, ша дийра ду аьллера цуо. Цхьацца дарбанш а лелийна. Рамзан кIинтIера вала суна…!».

Маршо радио: Балхах хьоьгучу Абастов Ахьмадан цу меттехь иза карийра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна. Джинш арадогIучу Соьлжа-гIаларчу клиникехь, завхозан болх. Хилла волу префект, иза ца бан а хIуттура волчух тера дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG