ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеца фенилбутазон хила тарло говран жижиг кхаьчна Европера туьканашка


Британера юучу хIуманан стандарташна тIехьожучу урхалло еарин дийнахь дIахьедар дина, шеца фенилбутазон хила тарло говран жижиг кхаьчна туьканашка, аьлла. Даьхнилелорехь цу молханах пайда оьцу ветеринараша. Цу урхаллин хьесапехь, фенилбутазон долу говран-жижиг Франце доьхкина. Иза цигарчу туьканашка кхаьчна хила тарло, боху цу урхалло.

Говзанчийн хьесапехь, стеган цIийн хIоттам талхон ницкъ болуш ду фенилбутазон. Деношкахь Европера цхьа моггIа пачхьалкхийн гIорочу шелигашна чохь карийна, бежан жижиг ду аьлла тIе яздина долу говран жижиг. ХIинца шеконаш кхоллаелла, бозбуунчаллаш лелош болчу, дуьненаюкъарчу нехан тоба хьаьжна, мелла а дораха долу говран-жижиг, бежан-жижиган метта дохка гIоьртина, аьлла.
XS
SM
MD
LG