ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу девнехь велла 70-90 эзар стаг


Шемарчу девнехь беллачерийн терахь 90 эзарне кхаьчна аьлла тахана дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан департаментан секретаро Керри Джона. Цо билгалдаьккхира, шега и терахьаш делларг СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр Аль-Файсал СаIуд хилар.

ХьастагIа, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь йолчу адамийн бакъонийн урхаллин куьйгалхочо Пиллай Нэвис а хьахийра, Шемахь шина шарахь беллачийн терахь. 70 эзар барамехь нах белла элира цо.

Шема гIо-накъосталла кхачор хир ду, гергарчу хенахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретарца Бан Ки Мунца хир долчу цхьанакхетарехь дуьйцур долу коьрта хаттар, элира Керри Джона.
XS
SM
MD
LG