ТIекхочийла долу линкаш

Параолимпикан ловзарийн чемпионе Писториус Оскаре шен тIехьийза йоI ерна бехк кховдийна


Къилба Африкера параолимпикан ловзарийн чемпионе Писториус Оскаре шен тIехьийза йоI ерна бехк кховдийна Къилба Африкан Кхело. Ши ког боцу спринтер бIаьргаш башийна лаьтташ вара, Претория кхелехь шега кховдочу бехке ладоьгIуш Iачу хенахь.

Дийцарехь, вовше безам болчу нехан Веза Валентин олучу дийнахь, Писториусана къайлаха совгIат кечдеш хилла цуьнан тIехьийза йоI, иза цецваккха Iалашонца. Цунна, иза шен чуваьлла талорхо ву моьттина. Цундела, ванни чу диозза герз тоьхна цо.
Амма кхел цунах ца тийшира, хьалха а, тIехьийза зудаберашна цо ницкъ бина хилла меттигаш яра, аьлла. Цул сов, лулахоша тоьшалла дина, герзаш довлале, шайна церан хIусамера мохь хьоькхуш хезнера, аьлла.
XS
SM
MD
LG