ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирландехь берашца кхеташ-кхиоран болх беш ю Нохчийчуьра мухIажир


Ирланди -- Ирландин коьртачу Дублин-гlалара тlай
Ирланди -- Ирландин коьртачу Дублин-гlалара тlай

Европехь бехачу нохчашлахь дуккха бу, шаьш цIера арабевлла масех шо бен дацахь а, шаьш дехачу пачхьалкхийн меттанаш а Iамийна, керла дешар а дешна, белхаш беш. Церан масалша гойту, кест-кеста оьрсийн хаамийн гIирсаш нохчийн мухIажарш ирчачу сарташца гайта гIертахь а, царех доккхахдолу дакъа вуно кхиаме керлачу дахарехь дIатарделлийла.

Оьрсийчохь цхьайолчу меттигашкахь бусулба зударийн коьрта тохку йовлакхаш, я вуьшта аьлча, хиджабаш лелор доьхкуш ду. Официала оццу Оьрсийчоьнан дакъа ларалуш йолчу Нохчийчохь иза лелор, мелхо а, лаахь а, ца лаахь а, бохуш, зударшна тIедожош ду. Жимма хьалха оццу Нохчийчохь оццу наха яккхийчу шеконашца а, гамонца а тергалбора коьрта, мас дIакъевлина йовлакх тиллина зударий, церан террорхошца зIенаш йолуш санна.

Чолхе ду Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а хиджабийн хаттар. Амма шаьш гуттар а суьпа бусулба нах лоручара, церан дашца аьлча, „тIагIут“ а, хьарам меттиг лоруш, ткъа царна тIекхеттачу Оьрсийчоьнан патриоташа дукха эвхьаза а, осала а Iадаташ долуш меттиг а лоруш йолчу Европехь маршо ю, луучунна и хиджаб, я муьлха а кхин коьрта туьллу хIума лелон а, ца луучарна ца лелон а.

Ирландехь ехаш йолу вайн махкахо, Айна цIе йолу къона зуда, ю цу тайпанчу толеранталлин а, коьрта маршонан а масала. Масех шо хьалха шен доьзалца цу генарчу гIайренан махка дIаяхана йолу иза карарчу хенахь лакхара дешар доьшуш а ю, меттигерачу берийн бешахь кхетам кхиоран болх беш а ю. Цуьнца цхьаьна бусулба дино ма хьеххара дIакъовлаелла а, хиджаб олу кортали тиллина а ю иза.

Берашца болх бар даима а дезнера шена, бохуш дуьйцу цуо, амма цаьрца болх бан йола а елла, церан къамелаш а, церан хьекъал а, цара наг-нагахь луш долу цхьа тамашийна кIоргене хаттарш а девзича, кхин а чIогIа безабелира шена ша хаьржина некъ, бохуш.

Айнас дуьйцу, хийла цу берашца, уьш дукхахдерш кериста доьзалшкара хиларна а, Ирландехь бусулбанаш кхин башха дукха ца хиларна шен санна долу духар царна наггахь бен гина ца хиларна, беламе а, самукъане а мIаьргонаш нисло шен, цара луш долу башха хаттарш бахьана долуш, бохуш.

Бисаева Айна: „Берашца цхьацца хаза масалш нисло сан. И хьан коьртахь ерг хIун ю, бохуш, хоьтту цара. Цхьана кIанта гуттар а хаза элира, лергаш дуй хьан, аьлла. Шена гуш ца хилча, дац моьттуш хир дара цунна. Ду дера, аьлча, юха хоьттуш вара, дIаюьжучу хенахь лелайой ахь иза, бохуш. ЦIаеъча а, цIерачаьрга а дуьйцуш Iа со цара цхьацца беламе хIума сайн йовлакхах лаьцна аьлча“.

Маршо радио: Ша цу берашца болх бечу хенахь даима а дагахь хуьлу шена, бохуш дуьйцу Айнас кхин дIа, Ирландехь бехаш, вукху континентала Европехь санна, иштта дукха бусулба нах ца хиларна а, цу берийн а, церан дай-нанойн а бусулбачаьрца цхьанакхетарийн я гергарлоний кхин башха доккха зеделларг ца хиларна, шена тIехь цхьа, ма-дарра аьлча, бусулбачийн векалан рол юйла а, шен масалийца цу нехан ислам дин лелош болчарех йолу ойла кхоллалур юйла а, бохуш.

Бисаева Айна: „Бераш кхиарах лаьцна а, уьш муха кхето деза а, кхио деза а Iамош ю со. Суна чIогIа дика хета сайн балхаца сан кериста нахана масала хила сайн йиш хилар а, ткъа иштта царна дIагайта сайн йиш хилар, бусулбачарна берашца болх бар а, уьш кхиор а, церан дешар а, церан психологин а, дегIан а кхиар доккха хIума хетийла а, царна иза вуно деза дуйла а“.

Маршо радио: Ирландехь бехаш кхин башха дукха нохчий мухIажарш бац, кхечу Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, боху Айнас. Иза и мохк башха боккха ца хиларца а, иза гIайренан пачхьалкхе хиларца а доьзна хила мега.

Дукхах болчу вайнахана, къаьстина гIеметта хIоьттинчу чкъурана, цIеяхханчу „Майра дог“ кинофильмехь ирландхоша шайн маршоне къийсарца дагабогIу и мохк а, цигарчу нехан амалш а, мелла а и церан маршоне гIертар нохчийчуьнах тера а хеташ.

Ткъа эххар а шайн къоман паргIато къевсина яьккхина, амма хIинца а кхин башха Ингал-пачхьалкхаца йолу юкъаметтигаш билгал къастийна йоцучу цу пачхьалкхехь хIоранна а маршо ю, шен динца, шен Iадаташца а ваха, нагахь санна цуо цу мехкан низамаш дохош ца хилчахьана, бохуш дуьйцу Айнас.

Бисаева Айна: „Тхо цигахь Iаш долу бархIалгIа шо ду. Францехь а, Германехь а, Австрехь а санна дукха бац цигахь вайнах. Ирландехь бусулба нахана хала дац, хиджаб йоьхна хилча а, юхь дIакъевлина хилча а, я янне а коьртахь хIума йоцуш хилча а. Арахь воьду -вогIуш бусулбачаьрга хIума олуш стаг вац цигахь“.

Маршо радио: БIешерашкахь Нохчийчоьно Оьрсийчоьнан олалла кIелара яла гIерташ бинчу тIемийн вайназаманахьлера дакъа кхин цкъа а нохчий эшарца а, уьш исторехь массийтаза Оьрсийчоьнна юккъе богIуш хилар дIакхайкхорца дирзина.

Бакъду, муьлхачу а кхиинчу пачхьалкхехь хуьлуш ма-хиллара, шаьш сел хала карадерзийначу къаьмнашна луш йолу бакъонаш а, паргIатонаш а ца елла Кремлан дайша вайнахана.

Дин делахь а, Iадаташ делахь а царна хетачу агIор лело дезаш ду, цара тIе тилла аьлча, йовлакх тIетуьллуш, цара охьадаккха аьлча, охьадоккхуш. Ур-аттала доллучу дуьнентIехь а магош долу, меттигерачу нахана мелхо а самукъане хеташ долу къоман хелхарш урамашкахь дар а бехке лору цу махкахь нохчашна.

Ткъа дуьне кхечу низамашца дехаш ду тоххарехь. ХIора стеган маршо лоручу низамашца. Цуьнан масала ду шен динца догIуш ма-хиллара духар доха стеган бакъо хилар а, дIаяхана масех шо бен доцушехь Ирландин тоьллачу дешаран туьшпхьахь доьшуш а, ирландхойн берийн кхетам кхиош а вайн махкахо хилар а.
XS
SM
MD
LG