ТIекхочийла долу линкаш

«Джи-20» тобан финансийн министрийн саммит хилла Москох


«Джи-20» олучу тобан финансийн министрша дIахьедар дина, кхин дIа бийр бац цхьана кепара «валютийн тIемаш», аьлла. Амма оццу хенахь, тIаьхьатеттина, бюджетийн харжаш яцъян Iалашонца керла, юккъера сихо йолу план тIеэцар.
Дийцарехь, хIокху шеран Гезгмашан баттахь Петарбухехь дIахьур йолчу «Джи-20» саммитехь дийцаре дийр долуш ду и документ.

«Джи-20» тобанан финансийн урхаллийн куьйгалхоша Москох дIадаьхьначу цхьанакхетарехь тIеэцначу жамIийн коммюникехь сацам бина, даханчу шинарин дийнахь «Йоккхачу ворхIаннан» олучу ворхI пачхьалкхан тобано цхьаний тIеэцначух терра декхарш тIеэца.
ХIокху дуьнентIерачу уггар кхиина а, кхуьуш йогIучу а пачхьалкхех лаьттачу «Джи-20» дуьненан 90% экономика кхочуш ю. ХIокху шарахь цу тобанна урхалла деш Оьрсийчоь ю.
XS
SM
MD
LG