ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урал лаьмнашкахь толлуш ю метеорит чуйоьжна меттиг


Метеорит чуйоьжначу меттехь йоккха гIо даран а, цигахь хилларг хIун-мила ду хьажаран а операци йолийна Оьрсийчура Урал лаьмнашкахь. Цу операцина юкъавогIуш 20 эзар стаг ву аьлла Оьрсийчоьнан Орцаллин министралло.

ПIераскан дийнахь Челябинск кIоштахь метеорит чуюжуш хилла эккхийтар бахьанехь корийн куьзган бIаьргаш дохийна 4 эзар сов гIишло чохь. Дукха хьолахь зе хилла меттиг Челябинск-гIала ю. 1,200 стаг, лилхинчу аьнглин аьхкаша чевнаш йина ву. 50 стаг хIинца а дарбан цIийнахь ву. Амма церан могашаллина кхерам бац боху лоьраша.

Челябинск кIоштан Iедалийн хьесапехь, метеорит иккхича хилла зе $13 миллион доллар барамехь ду. Амма Орцаллин министро Пушков Владимира бахарехь и терахь кхин лакхадала тарлуш ду. Метеоритах дIакъаьстина цхьа аьхк, дийцарехь, Чебаркуль Iомана улле йоьжна. Масех метр шуьйра Iуьйрг даьккхина боху цо ша тIехь.
XS
SM
MD
LG