ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эвланашкахь хIаваэра ракеташ тохар дихкина хир ду ОвхIан пачхьалкхехь


Нах бехачу меттигашкахь хIаваэра ракеташ тохарца доьзна, тIеман операцеш дIахьуш НАТОнера гIо дехар дихкина хир ду аьлла дIахьедар дина ОвхIан пачхьалкхан президенто Карзай Хьамида.

Тахана Кабулерчу Къоман ТIеман Академехь вистхуьлуш, ша кIиран дийнахь леррина омар арахоьцур ду, «вайн эвланашкахь тIеман операцеш дIахьучу овхIанхойн тIеман ницкъийн цхьана а кепара, архьарчу ницкъашкара хIаваэра гIо деха йиш ца хуьлуьйтуш» долу, аьлла.

Деношкахь итт маьрша стаг а, виъ тIалиб а вуьш, Кунар провинцехь хIаваэра ракеташ тоьхначул тIаьхьа, маьрша нах бойуш, тIеман операцеш дIаяьхьар емалдинера Карзайс.

Карара шо чекхдалале ОвхIан пачхьалкхера арабохуш бу арахьара тIеман ницкъаш. Пачхьалкхана тIехь урхалла дара меттигерчу кхерамазаллин ницкъашна каралуш ду.
XS
SM
MD
LG