ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

6 шо долу йоI хьийзийна Делихь


Индин коьртачу Дели гIалахь лачкъа а йина, хьийзиначул тIаьхьа некъан йисте охьакхоьссинера 6 шо долу жима йоI. Карарчу хенахь бер дарбан цIийнахь ду. Цхьа кIира хьалха хилла хIума хIинца бен гIара ца даьлла – меттигерчу телефизионехь цунах лаьцна дийцича.

Даханчу шарахь масех стага иштта, хьийзийнера 23 шо хилла студент. Шена хиллачу ницкъах иза дукха а ца ехаш, елла. Цунна эргIадъяхана ю Индера юкъаралла. Зударшна мелла а кхерамазалла а латтае, и тайпа зуламаш дечарна ондда таIзар юкъа а даккха бохуш, акцеш дIаяьхьна ерриг пачхьалкхехь.

Цул тIаьхьа Индин президенто Мукерджи Пранаба къобалдина, зударий хьийзочу нахана вен кхел кхайкхор. Парламенто а къобалдинчул тIаьхьа, низам болх бан долалур ду.
XS
SM
MD
LG