ТIекхочийла долу линкаш

Умаров Докка лоьхуш бу полицин ницкъаш Веданан кIоштахь


Нохчийчохь, Веданан кIоштахь леррина операци дIахьош бу меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахой. Кавказский Узел интернет агенталло дийцарехь, цигахь Кавказ Имаратан куьйгалхо Умаров Докка хаавелла шайна аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша.

Ши де хьалха, дIадаханчу Шоьтан дийнахь, Элистанжа-эвлан йистехь герз дIадоьллина меттиг карийнера полицин белхахошна. Ткъа Дечкен-беттан 24-чу дийнахь Веданан хьаннашкахь вийра 12 нохчийн тIемало, шайна юкъахь вежарий ГакаевгIар Хьусайн а, Муслим а волуш.
XS
SM
MD
LG