ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи шо кхаьчна Косово йозуш йоцу пачхьалкх йолу



Косово йозуш йоцуш йолу 5 шо кхачар даздина цу пачхьалкхехь КIиранан дийнахь. Шайн Iалашо Евробертана а, НАТО-на а юкъадахар ю аьлла, дIахьедар дина Косовон президенто Яхьяга Атифетес. Цо къамел дира Приштинехь хиллачу Косовон кхерамазаллин ницкъийн парадехь. Уьш кечбеш дакъалаьцна НАТО-н инструкторша.

Косовоно ша Сербех йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийра 2008-чу шарахь Чиллан-беттан 17-чу дийнахь. Иза къобул йина 100 гергга пачхьалкхо.

Карарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашна юкъахь уггаре а къечу махкех цхьаъ ю Косово. Цигара бахархой кхаа декъе бекъча цхьа дакъа дехаш ду дийнахь кхо туьма хиллал бен кхин дохка ахча а доцуш.
XS
SM
MD
LG