ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан президент юха а хаьржина Саргсян


Эрмалойчура президентан харжамаш коьртачу декъана гIоле бара, хьалха хиллачулла а аьлла, дIахьедар дина Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян цIарах болчу тегамхоша. Амма, цара дийцарехь, кандидаташна юкъахь къовсадалар ледара дара цу харжамашкахь.

Тергамхоша динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, карарчу хенахь волчу Эрмалойчоьнан президентаца Саргсян Сержца къовса бала а ца лиина, харжамашна юкъарабевлла дукха а кандидаташ аьлла.

Офицалан хаамашца, Эрмалойчоьнан президентан харжамашкахь толам баьккхина Саргсян Сержа. Цо гулдина 58 % харжамхойн кхаьжнаш. ШолгIачу меттехь волчу «ТIаьхьало» цIе йолчу оппозицин партин лидеро Ованнисян Раффис гулдина 37 % кхаьжнаш.
XS
SM
MD
LG