ТIекхочийла долу линкаш

Полици а, дуьхьалонан акцин декъашхой а тийсабелла Софияхь


11 стаг лазийна Болгарин коьртачу гIалахь Софияхь, полици а, демонстранташ а тасабалар бахьана долуш. Царах 5 полицин белхахо ву. 11 манифестант дIалаьцна.
Зорбанан гIирсаш дийцарехь, Болгарин парламентана хьалха гулвеллера 2 эзар гергга стаг. Цара доьхург дара министрийн кабинет дIасахецар.

Меттигера бахархой реза бац, тIедогIуш къезиг рицкъ а долуш, махкахь электроэнергин мехаш хьаладовларна а, экономика гIеллуш хиларна а.

Цу тайппа акциш хилла кхечу Болгарин гIаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG